Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гІуда такхаран сагІа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богІучу мехах болу а ка бало беза цо. Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».
Выбор основного перевода