Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, Маннаша шен кІант цІерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо.
Выбор основного перевода