Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баркаллина даьккхинчу бертан сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хІумма а Іуьйренга далийта мегар дац. Нагахь цхьаммо сагІа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгІачу дийнахь а даа мегар ду. Ткъа сагІин жижиг кхоалгІачу дийне далахь, иза цІера тІехь даго деза. Нагахь цхьаммо цу сагІин жижиг кхоалгІачу дийнахь даахь, и сагІа къобал хир дац. СагІа даьккхинчунна цхьа а шапаІат хир дац иза бахьанехь, хІунда аьлча и сагІа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо.
Выбор основного перевода