Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Суна хьалха шайна дато а, дашо а цІуш ма бе. ЦІуш ма бе хьайна. «Шайна цІуш ма бе, лалийна цІуш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, тІулгех хедийна цІуш а ма хІиттабе, царна Іибадат дархьама, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цІуш бу, ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
Выбор основного перевода