Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгІазвахар. «Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагІчуьнца гома а хила“. дай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза». Цунах терра шолгІа тІедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. ШолгІаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Царал коьртанаш цхьа а дац». Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“». Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хІума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хІокху цхьана дашна тІедогІу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». ХІунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьІна хІокху дешнаш чохь ду: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». Нагахь Делан Йозанашна тІера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду.
Выбор основного перевода