Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тІедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тІеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгІазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дІа а эккхор бу. Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тІедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тІулгаш кхисса деза, церан цІий царна тІехь ду“». Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. ТІаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тІедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду». Ялхоша цуьнга жоп делира: «Іейндар-гІалахь Іаш ю адамийн синош тІедоьху зуда». Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»
Выбор основного перевода