Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь шуна юкъахь Іаш волчу тІевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цІийнах болу боьрша нах сунтбе. ТІаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц. Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Іаш волчу стеган а». «Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тІе-ма-диллара дІа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тІе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьІе кхечира.
Выбор основного перевода