Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Даьсса хабар дІаса ма даржаде. Харц тоьшалла а деш, вониг динчу стагана гІо ма де. Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хІунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац. Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». Набути вехачу гІалара наха, къаноша, хьоладайша, Изабала шайна тІе-ма-диллара, цо шайга даийтинчу кехаташ тІехь яздина ма-хиллара кхочушдира. Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути. ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун. Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цІушна сагІина еана яа хІума а йоу, дегаза гІуллакхаш а леладо. Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара. Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“».
Выбор основного перевода