Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а ву цІена. Шаьш Далла лерина а хилийта, цІена а хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. Суна хьалха цІена хила, хІунда аьлча Со, Веза Эла, цІена ву. Ас кхечу халкъех дІакъастийна шу, Сайн хилийтархьама. Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву».
Выбор основного перевода