Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цІа дохийначуьра юхаметтахІотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхІуд-махкахь а тхо хІинца маьршачу пенашна тІехьа Іало. ХІунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дІа? ХІинца цигахула тІех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху. Хьайн ялхочуьнца бинчу бартах Хьо дІавирзина, цуьнан таж а лаьттах тоьхна Ахьа. Адамийн уьтталгІа дакъа лаьтта тІехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хІу хир ду». Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц». Ткъа Делан цІенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хІунда аьлча и кхечу къаьмнашна дІаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гІала хьоьшур ю.
Выбор основного перевода