Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лоьмаша деш долу гІигІ Дала дІасоцуьйту, къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Амма хІара халкъ талор дина ду, нахана тІера хІонс схьаяьккхина ду. Уьш массо а Іаннашкахь латтош бу, я набахтехь бахкийна къайлабохуш бу. Царах хІонс хилла, цхьа а вац уьш кІелхьарбаха. Царах талор хилла, цхьаммо а ца боху: «Схьало уьш юха». Цунна гІигІ деш дІахІиттинчу къоначу лоьмаша, ижу а яьккхина, гІовгІа йора. Исраилан мохк бассийна цара. ГІаланаш ягийна, царна чохь халкъ а ца дисина. Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хІаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хІусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гІаланаш хІаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац. Бавелан бахархой, лоьмаша санна, гІигІ деш лела. Церан гІигІ дар лоьман кІорнин санна ду. «Адаман кІант! ХІара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунах лаций дІаала: „Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета, амма билггал аьлча, хІорда чуьра саьрмик санна ву хьо! Хьайн хишна чохь хьайн мерІуьргашца синош доху ахь, хьайн когашца хи а даржош, иштта и хи дІаса а детташ“».
Выбор основного перевода