Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. Уьш цхьаьна а кхетий, нийса лелачарна дуьхьалбовлу, цара бехк боцучунна вайаран кхел кхайкхайо. Іесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а – и ший хІума а Везачу Элана дегаза хета. Къа ду зуламе парзаш дечеран а, къиза сацамаш дІаязбечеран а. Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гІийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Іачу зударийн а, байн а долахь дерг дІадоккху.
Выбор основного перевода