Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса-Айса хьо юьйгІира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хІу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогІу акха а, хийра а кемсийн таьлланг? «Аса массо а хІума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тІехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тІехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тІера гІаш а маргІалдулур ду. Аса царна мел делла долу хІума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло. Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тІевахара. Амма цунна тІехь, гІаш доцург, цхьа а стом бацара. ТІаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тІе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дІахІоьттира. Геннара, тІехь дукха гІаш долу комарийн дитт а гина, цунна тІе вахара Іийса, тІехь комарш юй те хьажа. Диттана тІевеача, гІаш доцург хІумма а ца карийра Цунна, хІунда аьлча хІинца а стом хуьлу хан яцара. Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дІадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тІехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна.
Выбор основного перевода