Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гІуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гІаланашкахь тІехь сагІа доккху гунаш дІахІиттийра, ха деш йолу бІов йолуш йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна чІагІйинчу йоккхачу гІалина тІекхаччалц. Іесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а – и ший хІума а Везачу Элана дегаза хета. Говраш тархашна тІехула евдда лелий те? Стерчашца хІордана тІехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дІовш а дина, бакъдолчух стим а бина. Стеган бІаьрг цуьнан дегІан серлонан хьоста ду. Цундела хьан ши бІаьрг цІена белахь, хьан дерриге а дегІ серлонах дуьзна хир ду. Амма хьан бІаьргаш цІена бацахь, хьан дерриг дегІ а бодане ду! Цу боданал бен хьох серло яцахь, ма инзаре боккха хила беза-кх и бода! Хьан бІаьргаш – хьан дегІан серло ю. Нагахь хьан бІаьргашна са дика гахь, хьан дегІ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бІаьргаш дика бацахь, дегІ а боданах дуьзна хир ду. Хьайн дегІера серлонах бода ца хилийта хьажалахь.
Выбор основного перевода