Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. ГІа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду. Иштта хІума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кІохцалан а коьллаш евр ю. Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тІера бахархой дІасабаржор бу Цо. Латта дассийна а, чІана даьккхина а хир ду, хІунда аьлча Везачу Эло хІара дош аьлла. Нагахь санна лаьтта тІера цхьа къам Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан Ярушалайме ца дагІахь, церан лаьтта тІе догІа догІур дац. Ткъа баьІаш а, къух а бен шена тІехь ца кхуьу латта Дала неІалт кхайкхорна герга ду. Чаккхенехь иза цІаро дагор ду.
Выбор основного перевода