Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Іад а дулий, уьш цунна тІе хьажадо.
Іожалла тІейоуьйту Цо, Шен гІирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тІехьажадо.
Іаьржа марха санна, тІегІерташ ву мостагІа. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яІ! Ма хІаллакьхир ду вай!»