Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хІума дахь, нагахь лаьтто, бага дІа а гІаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хІума дІа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гІахь, тІаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла». Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дІасадекъаделира. Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. Шайн долахь мел хиллачу хІуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дІахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хІаллак а хилла, дІабевлира уьш. Царна гонах хилла болу исраилхой, хІокхара маьхьарий хьаькхча, дІабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дІа ма кхоллийла!» – бохуш. Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна, вайн даьІахкаш а дІасакхиссина ю, эхартан баганна уллохь а Іохкуш. Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю, догІа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а, иштта йогуш йолу цІе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу. Дукха хенахь дуьйна Тупат цІе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цІе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кІорга а, шуьйра а ю. Цу цІерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза.
Выбор основного перевода