Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гІаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тІе ун хоьцур ду, тІаккха мостагІийн карагІур ду шу. Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Іоврашкара мозий а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама. «Берзинчу лам тІехь байракх айа, айинчу озаца тІемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугІортийта. Айса дІакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тІемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла. ЛадогІа, лаьмнашкахь гІовгІа хезаш ю – адамийн йоккхачу тобанан гІовгІа! ЛадогІа, пачхьалкхашна юкъахь гІовгІа хезаш ю – къаьмнаш цхьаьнакхетаран гІовгІа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хІоттош ву, тІом бархьама. Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогІуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хІаллакдархьама. Шу дерриш а, дуьнен чохь дехаш дерш! Хьовсалаш, лам тІехь байракх дІатоьхча, ладогІалаш, лоькхучу коьман маІан аз хезча.
Выбор основного перевода