Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іеса стаг шен къинойн гуро дІалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво. Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гІуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хІума дола а дой, бохам боккху. Лаьхьанан хІоаш тевна дохкий а Іа, маша а бузу цара. Церан хІоаш диънарг лийр ву, нагахь уьш дохадахь, царна чуьра лаьхьа арабер бу. Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тІедухалур дац цаьрга. Церан гІуллакхаш харцонан гІуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг. Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тІехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу.
Выбор основного перевода