Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан даше ладогІа, Цуьнан дашах бегош берш: «Сан цІе бахьана долуш, шу ца дезачу а, дІалоьхкучу а шун вежарша боху: „Везачу Эло Шен сийлалла гойтийла, тІаккха тхо хьовсур ду шун самукъадаларе“. Амма уьш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!» «Адаман кІант! Исраил-махкарчу наха хІара кица хІунда даладо: „Де дийне мел долу хан дІайолу, хІора сурт а дІадолу“? Декъаза бу Везачу Элан де тІекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций. Уггар хьалха шуна хаа деза, тІаьхьарчу деношкахь богІур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогІур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хІума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».
Выбор основного перевода