Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Я дийнахь кхеттачу малхо а, я буса кхеттачу батто а хьуна цатам бийр бац. Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тІехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дІакхетар бу, Якъубан тІаьхьенах хотталур бу уьш. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш. ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.
Выбор основного перевода