Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха далаза бер долчу зудчун, шен кІанте болчу безамна а, цунах чІогІа къахетарна а, кийра багийра. Оцу зудчо жоп делира: «Сан олахо! Ма дейша и бер, иза дийна а долуш дІалойша оцу зудчунна». Ткъа шолгІачу зудчо элира: «Я суна а, я цунна а ма кхочийла и кІант. Вей, дІаваккха аша иза!» Сан дас а, сан нанас а со витича а, Везачу Эло со тІеоьцур вара. Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тІаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо. Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна! Хьала а гІаьттина, шен да волчу вахара иза. КІант геннахь схьавогІуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тІе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас. Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогІур ву Со шу долчу.
Выбор основного перевода