Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. Схьадуьйла, кевнах чекхдовла! Халкъана некъ кечбе! Хьалаайина бе и некъ! Оьшуш доцу тІулгаш дІадаха! Хьалаайа байракх къаьмнашна! ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Ас машар хоьцур бу шуна тІе, догІу хи санна, халкъийн хьал схьахоьцур ду, хи тІедаьлча догІу татол санна. Шу декхар а ду, карахь а лелор ду, голаш тІехь хьоьстур а ду. Массо а халкъашна юкъара берриг а шун вежарий схьабалор бу цара Везачу Элана совгІатна говрашна тІехь а, гІудалкхаш чохь а, ворданашна тІехь а, бІарзанашна а, эмкалшна а тІехь Сан безачу лам тІе, Ярушалайме, – боху Везачу Эло, – исраилхоша Везачу Элан цІийне цІеначу пхьегІи чохь совгІат ма-дарра. Іийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тІехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора. Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
Выбор основного перевода