Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна еттачарна букъ кІелхІоттийра Ас, ткъа Сайн маж дІаийзочарна – беснеш. Ас юьхь дІа ца лачкъийра, Сайна дов деш а, шеташ етташ а. Хьалдолчу Эло Суна гІо дарна, Суна эхь хетар дац. Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо. Суна хаьа, Со юьхьІаьржачу хІуттур воцийла. Со бакъвеш волу Дела уллохь ву. Мила ву Соьца къовсавала лууш? ДІахІоттаве тхойшиъ дуьхь-дуьхьал! Мила ву Со бехкеван лууш верг? ТІеваийта иза Суна! Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хІунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тІаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду.
Выбор основного перевода