Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ас, Веза Эла, Хьоьга сайн доІа до. Хьайна дика ду аьлла хеттачу хенахь, Хьайн боккха безам хиларна, Ахь билггал со кІелхьарвоккхург хиларна, дІахазахьа со. «Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тІекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Іалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса, Хьоьга бІаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Іаш берш серлонга бахийтархьама а. Сайн ялхойн дешнаш дІачІагІдо Ас, Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до. Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“, ткъа ЯхІудан гІаланашка: „Уьш юха а дІахІиттийна хир ю, церан къапалгаш Аса юхаметтахІиттор ю“. Цара шира херцораш юхаметтахІиттор ю, тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю. Дуккха а тІаьхьенашкара дуьйна яссийна лаьтташ йолу гІаланаш карлайохур ю цара. ХІунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кІелхьардоккхучу дийнахь Аса гІо дира хьуна». Ткъа хІинца тІееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хІинца ду и кІелхьардовларан де.
Выбор основного перевода