Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХІордо а, цунна чохь мел долчу хІумано а гІовгІа е! «Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, – боху шун Дала. – Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хІунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гІовгІа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тІаьхье Везачу Эло паргІатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо. Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша, Ярушалайман херцораш! ХІунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна, Цо мах баларца паргІатъяьккхина Ярушалайм. КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дІабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло. Иштта, яккхийелаш стигалш а, стигалш тІехь дехаш дерш а! Декъаза ду-кх лаьтта тІехь а, хІорда чохь а дехаш дерш! ХІунда аьлча, шен йисина хан кІеззиг юйла а хууш, дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!» Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХІунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.
Выбор основного перевода