Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цийонан йоІ го лаьцна йисина ю. Иза лаьтта кемсийн бешахь йолу бун санна, наьрсийн кха тІехь йолу кхалор санна. Иштта, сан халкъ йийсаре гІур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу. ЧІагІйина гІала яссалур ю, цуьнан хІусамаш дІатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоІуш а, гаьннаш тІера гІаш дууш а хир ду иза. «Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цІогІа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло. Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дІатесна а йолчу зудчуьнга санна, – боху хьан Дала. – КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш.
Выбор основного перевода