Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къинхетам бехьа сох, Дела! МостагІаша эккхийна лелош ву со, хІора дийнахь тІелеташ, цара ницкъ бо суна. Сайн кІесаркІога чохь церан садеІар хаало суна хІора дийнахь. Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш! Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю. «Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цІогІа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло. «ДІасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг, хьайн хІусамийн шаршуш дІаяржае! Юха ма оза! Четар чІагІдеш долу машшаш дІахеца, ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чІагІде! Ас уьш Мисар-махкара юхаберзор бу, Ашур-махкара а схьагулбийр бу, ГалІаде а, Ливануне а схьабалор бу Ас уьш, амма ур-атталла цигахь меттиг а тоьар яц царна.
Выбор основного перевода