Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ІиндагІехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дІасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дІахІиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ – алийта а». Малххий, буттий шаьш долччохь совцу, Хьан чехкачу пхерчийн сегарна, Хьан серладуьйлучу гоьмукъийн къегарна. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.
Выбор основного перевода