Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цІогІа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло. «ДІасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг, хьайн хІусамийн шаршуш дІаяржае! Юха ма оза! Четар чІагІдеш долу машшаш дІахеца, ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чІагІде! ХІунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агІор дІасаяьржар ю. Хьан тІаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду, яссийна церан гІаланаш хьалаюзур ю.
Выбор основного перевода