Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чІагІо йо ас, Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Сайх чІагІо йо Ас, Сан багара схьадолург бакъ ду, Ас аьлла дош хийцалур дац: хІора а адам Суна хьалха горахІуттур ду, ткъа хІора маттахь Со къобалвина хир ву. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву.
Выбор основного перевода