Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь хІунда боху, Якъуб, арз хІунда до, Исраил: «Сан некъ Везачу Элах лачкъийна бу, сан гІуллакх Далла дицделла», – бохуш? Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дІатесна а йолчу зудчуьнга санна, – боху хьан Дала. – Эпрайман халкъ Сан хьоме кІант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогІу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода