Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргІалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогІин коьрта тІехь ду, амма тогІин бахархой чагІаро бахийна Іохкуш бу! Аша Іожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, цо шу охьатухур ду. Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. Сан мостагІчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьІаьржачу хІуттур ву. Сан бІаьргаш Іебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича.
Выбор основного перевода