Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цуьнан Іад чІогІа ду, цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду. Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо, Исраилан Іуьно а, Тархо а, ГІишло ечу пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь, коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тІулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речІа а, гур а хир бу. Іийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тІехь дерг: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду!“ Делан Йозанаш тІехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГІишло еш, пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистера коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. Іийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХІун маьІна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина“? Іийса – Иза, „гІишлошъечу пхьераша дІа а кхоьссина, сонан йисте дІахІоьттина болу тІулг“ бу. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу. Цунна тІе дуьйла. Наха дІатесна болу дийна ТІулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу. Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха. ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
Выбор основного перевода