Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧагІаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. Исраилхойн хехой бІаьрзе а, хІумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жІаьлеш ду, лата а ца хууш, Іахка а Іохкуш, гІенаш а гуш, набъяр а дезаш. «Схьадуьйла, – боху цара, – суна чагІар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а». Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагІаро а – иза шира я керла даьккхина делахь а – сан халкъан кхетам дІа ма оьцу!» Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела.
Выбор основного перевода