Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІордан гІум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тІе боьрзур бац. Халкъ хІаллакдан сацам бина, нийса таІзар къомана тІехдер ду. Халкъ хІаллакдан Ша дина омра берриг а махкахула кхочушдан воллу массо а ницкъийн Хьалдолу Эла. Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла Ша омра дина хІаллакдар берриг а махкахула кхочушдан воллуш ву. Везачу Элан даше ладогІа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тІехь олалла деш болу.
Выбор основного перевода