Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавІонехь дукха мостагІий хІаллакбира. Юха, царна тІаьхьабевлла, Байт-Хьорон цІе йолчу лам тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш. Іазекхи а, Макхеда а цІераш йолчу меттигашка кхаччалц, хІаллакбеш, дІабигира цара эмархой. Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тІера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тІе, Іазекхи уьш дІакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал. Цу дийнахь ЮшаІ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавІонехь Везачу Эло цаьрга уьш хІаллакбайтина де дара иза. ЮшаІа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавІонана тІехула сацалахь, бутт – Айлон-тогІи тІехула!» Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагІашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тІехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дІабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»? Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгІна де я хьалха а, я цул тІаьхьа а хилла дацара, хІунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тІом беш вара. Дауда, БаІал-Паруциме а вахана, пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цІе, БаІал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). Дауда Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира. Цо пІелаштамхойн эскар ГавІон-гІалара дуьйна ГІазар-гІалина тІекхаччалц эшийра. Уьш БаІал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаІал-Паруцим аьлла, цІе тиллира (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). Дауда Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира. Цара пІелаштамхойн эскар ГавІон-гІалара дуьйна ГІазар-гІалина тІекхаччалц хІаллакдира. qac Лqac*аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кІенташна таІзар а, халахетар а.
Выбор основного перевода