Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Элан чІогІа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догІу догІа санна а, хІаллакдеш болу мох санна а, чІогІа хитІедалар санна а тІелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду. Аша Іожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, цо шу охьатухур ду. Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гІертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гІуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш. ХІунда аьлча шун куьйгаш цІийно бехдина ду, шун пІелгаш – къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу. Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гІуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хІума дола а дой, бохам боккху. Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хІумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц.
Выбор основного перевода