Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мелхо а, сайн са ас тийна а, синтеме а дина, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. Суна чохь долу са хІинца синтеме ду, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. И къепе Дала Іамайо цунна. Цо хьехам бо цу стагана. Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тІетаван веза аса, сайга ладогІийта? Наха шайн лергаш дІакъевлина, цундела царна хІумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза. ХІинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Іамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хІинца а шура оьшу, чІогІачу кхачанан метта. ХІинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хІунда аьлча иза бер долу дела.
Выбор основного перевода