Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьо йинчу кхелах лаьцна Исраил-мехкан дерриг а халкъана дІахезира. Цу хенахь дуьйна наха Сулим-паччахь чІогІа лара а лорура, уьш цунах оза а лора. ХІунда аьлча нахана гира, бакъдолчуьнца паччахьалла лелорхьама, Дала Сулим-паччахьна хьекъал деллийла. Везачу Элан Са цунна тІехь Іийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. лакхара вайна тІе Делан Са доссийтталц. ТІаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю.
Выбор основного перевода