Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо хьан коьрта тІе исбаьхьа кочар туьллур ду, хьуна сийлаллин таж дІакховдор ду». Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Ахь ирхдугІур ду уьш, амма мохо дІасахьур ду уьш. Ткъа чІогІачу мохо, довдийна, къайладохур ду уьш. Юха хьо Везачу Элаца хиларна, самукъадаьлла хир ду, Исраилан Везачу Делах дозалла деш хир ду. Везачу Элан карахь сийлаллин таж хир ду хьо, хьайн Делан кераюккъехь паччахьийн чалба хир ю. Ас мерах йолла чІуг а елира хьуна, лергех тийса чІагарш а, иштта коьрта тІе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна.
Выбор основного перевода