Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар. Токхечу тогІин коьрта тІехь долу а, маргІалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю – хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза. ЧагІаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагІаро галбоху. ЧагІаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хІиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гІуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу.
Выбор основного перевода