Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш. Декъаза ю со! ХІунда аьлча хІинца суна хилларг – аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц. Хилла стоьмаш долчу инжирийн диттех тера ю хьан ерриге а чІагІонаш. Нагахь санна и дитт дегадахь, и стоьмаш кхалла луучунна нийсса бага оьгур бу.
Выбор основного перевода