Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха, нахана юкъара божарий а, церан зударий а, шайн хьалдолчу гергарчу яхІудхошна реза боцуш, даккхий аьрзнаш дан буьйлабелира. Царах цхьаболчара бохура: «Тхан дукха бераш хиларна, оха кІа эца деза, хІума яархьама а, дийна дисархьама а». Цхьаццаболчара бохура: «Тхо тхайн кхаш а, кемсийн бошмаш а, тхайн цІенош а закъалтан метта дІаяла дезаш ду, мацалла тІееача, тхайна кІа эцархьама». Ткъа вукхара бохура: «Оха нахера юхалург ахча эца дезара, тхайн кхашна а, кемсийн бошмашна а тІера паччахьна ял дІаялархьама. Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кІентий а церан кІентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кІентий а, йоІарий а лолла дІадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хІинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргІатбаха, хІунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю». Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду. Нагахь, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург аша тІеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша. Ткъа, Сох дІа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дІакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза. Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гІала хІинца, кхечу деланашна Іамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Іаш яра, амма хІинца цигахь адамаш дойурш бен бац! Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагІар хино талхийна. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргІатвоккхур ву Аса, Сайн мостагІашна бекхам бийр бу Аса! Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тІера боьханиг дІадоккхур ду, тІелеттачух хьо цІанйийр ю. Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тІаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гІала“ а эр ду». Цийон нийса йинчу кхело кІелхьарйоккхур ю, Далла тІебирзина цуьнан бахархой кІелхьарбохур бу, Дала бакъдерг лела а деш. Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дІатеснарш хІаллакбийр бу. Шу юьхьІаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цІушна Іибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела. ГІа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду. Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гІуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дІа а ца дойуш. Хьоста чуьра арадолу хи санна, цунна чуьра арадолуш ду вон мел дерг. Цигара ницкъ бар а, къизалла а ю Суна хезаш. Цуьнан цамгар а, чевнаш а го Суна массо а хенахь. Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гІело йинарг гІело еш волчух ларве, тІевеаначу стагана гІело ма е, иза дІа а ма тетта, бай а, бисина Іаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цІий а ма Іанаде хІокху меттехь. ДІаала аьрхачу Исраилан халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тоьар ду хьуна, Исраилан халкъ, айхьа схьалаьцна болу дегаза некъ лело. Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тІера дІалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кІенташна совгІатна, хІунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тІера дІалалла бакъо яц цхьаннан а». ТІаккха ас элира: «ЛадогІа, Якъубан тІаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь? Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш тІера дилха доккху. Сан халкъан дилха аша доу, царна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо».
Выбор основного перевода