Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш даха. ВорхІалгІачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь». «Шеран хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхІ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза. Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ЦІера тІехь даьккхина сагІа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха: ши старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. Иштта цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, ткъа ворхІ Іахарх хІоранца бархІ кад дама. Къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама. ХІора дийнахь, шаьш дохучу Іуьйренан дагоран сагІанел совдахий дахалаш хІара сагІанаш. Иштта кІиранан хІора дийнахь кечделаш шайх йогІу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цІера тІехь даьхна долу а хІара кхачанан сагІанаш. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагІанел совдахий даха и сагІанаш. Цул тІаьхьа ворхІалгІачу дийнахь а беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе». Цундела, ворхІ сту а, ворхІ уьстагІ а схьа а эций, Аюб волчу гІо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тІера дагоран сагІа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тІера доІа дийр ду, хІунда аьлча цуьнгара долу доІа бен Ас тІеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догІучу тайпана таІзар дийр дац Аса».
Выбор основного перевода