Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошна тІедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тІехь йолчу гІаланех цхьаерш левихошна дІаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гІаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дІадала деза цара. Цул тІаьхьа цо со къилбаседехьарачу кевне валийра, иза дуста а дуьстира. Цуьнан барам хьалхалерчийн санна бара. Левихой Сан цІийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гІуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагІанашна а, кхидолчу сагІанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гІо а дийр ду, царна гІуллакх а дийр ду. Амма шайн цІушна хьалха адамашна гІуллакх дарехула левихоша Исраилан халкъ гал а далийтира, цуьнга къинош а летадайтира. Цундела Аса хьалаайинчу куьйгаца чІагІо йира, – боху Хьалдолчу Эло, – шаьш лелийнарг бахьана долуш царна таІзар дийр ду аьлла. Динан дай санна Суна гІуллакх дан уьш Суна улло богІур бац, иштта тІекхевдар бац еза мел йолчу хІуманашна – уггар дезачу сагІанашна. Шаьш мел лелийна долу боьха хІума бахьана долуш юьхьІаьржачу хІиттина лелар бу уьш. Ас уьш хІиттор бу Делан цІа лардан а, цІийнан керташкахь дан дезаш мел долу хІума дан а. Левихошна а кхочур ду лаьттан езачу кІоштах цхьа дакъа. И дакъа, динан дайн декъана уллохь а долуш, хир ду ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а. Езачу кІоштах долу левихойн дакъа йохалла ткъе пхиъ эзар дол хир ду, ткъа шоралла – итт эзар дол хир ду.
Выбор основного перевода