Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогІур ву, цигахула ара а вер ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Нагахь санна эло шен кІентех цхьанна шен долахь долчу лаьттах цхьа дакъа совгІатна дахь, иза цу кІентан тІаьхьенна кхочур ду. Иза церан долахь, доьзалан дакъа санна, хир ду. Нагахь эло шен долахь долчу лаьттах шен ялхойх цхьанна совгІат дахь, и латта ялхочун долахь хир ду ПаргІатдаккхаран шо тІекхаччалц, цул тІаьхьа лаьттан и дакъа элан дола дер ду. Цуьнан кІенташна бен ца кхочу шен лаьттах цо дина долу совгІат. Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тІера дІалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кІенташна совгІатна, хІунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тІера дІалалла бакъо яц цхьаннан а». Лаьттан езачу кІоштана а, гІалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агІор долу дисина латта элан долахь хир ду. Ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь йолчу езачу кІоштан малхбалехь и латта Исраил-мехкан малхбалерчу дозанна тІе кхаччалц хир ду, ткъа езачу кІоштан малхбузехь и латта Исраил-мехкан малхбузерчу дозанна тІе кхаччалц хир ду. Цу лаьттан ший а дакъа элан долахь хир ду, ткъа царна юккъехь еза кІошт хир ю, чохь Делан цІийнан еза меттиг йолу. Иштта, левихойн латта а, гІалина дІаделла латта а – элан долахь долчу лаьттана юккъехь нисло. Элан латта Бен-Яманан а, ЯхІудан а тайпанийн лаьттана юккъехь нисло.
Выбор основного перевода