Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кІошт Везачу Элана совгІатна дІакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду. Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агІор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агІор – шоралла итт эзар дол, малхбалехь – шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза. И латта Суна къобалбинчу а, ЦІадукъин тІаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дІало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дІа ца бевлира, левихой ма-бовллара.
Выбор основного перевода