Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Важа долу лаьттан дакъа, ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, пхи эзар дол шораллехь а долу, гІалин дола а даьккхина, дІалур ду, иза деза хир дац. Цу лаьтта тІехь адамаша гІишлош а йийр ю, цигахь дежийлаш а хир ю, ткъа гІала цу лаьттана юккъехь хир ю. ГІалин барам иштта хила беза: къилбаседехьара агІо диъ эзар пхи бІе дол, къилбехьа йолу агІо – диъ эзар пхи бІе дол, малхбалехьара а, малхбузехьара а йолу агІонаш – диъ эзар пхи бІе дол хила еза. ГІалин шен дежийлаш хир ю. Уьш къилбаседехьа а, къилбехьа а ши бІе шовзткъе итт дол хир ю, иштта малхбалехьа а, малхбузехьа а йолчу агІор ши бІе шовзткъе итт дол хир ю. Лаьттан езачу кІоштан йистошкахь йисина меттиг – итт эзар дол малхбалехьа а, оццул малхбузехьа а – гІаларчу белхалошна даа хІума кхио лерина хир ю. Исраилан халкъан массо а тайпанех болчу гІалин белхалоша болх бийр бу цу йисинчу меттехь. Дерриг и схьакъастийна долу латта деакІов хила деза – ткъе пхиъ эзар дол йохаллехь а, оццул шораллехь а долуш. Иштта схьакъастийначу лаьтта чу йогІуш хир ю лаьттан еза кІошт а, гІала тІехь йолу латта а.
Выбор основного перевода