Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тІедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хІара ду: ‘Нагахь Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгІа ялае Везачу Элана сагІина лерина. Гуламан четаран неІарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хІотто еза и старгІа. Динан дас, старгІин коьрта тІе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. Юха Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четар чу дахьа деза. Шен пІелг цІий чу а Іоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цІий пІелга тІера дІатоха деза цо. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Стеран неІ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте а яьхьна, чим дІакхуссучохь, дечиган цІера тІехь яго еза. Чим дІакхуссучохь яго еза уьш. Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тІера къинан сагІина къона старгІа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дІахІотто еза иза. Халкъана юкъара къаноша, шайн куьйгаш стеран коьрта тІе а дехкина, урс хьакха деза цунна Везачу Элана хьалха. Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четарна чу дахьа деза. Шен пІелг стеран цІий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цинцаш дІатоха деза динан дас. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза цо, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза. Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тІехь яго еза. Къинах долчу сагІина йийначу старгІица диннарг дан деза кху старгІица а. Иштта динан дас царна тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала царна гечдийр ду. СтаргІа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагІа ду. Нагахь санна куьйгалхочо ларамаза къа латадахь, шен Везачу Дала тІедехкина парзаш а талхош, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу бож яло еза цо. Божан коьрта тІе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагІина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагІа ду. Динан дас шен пІелгаца схьаэцна долу бежанан цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисина цІий цу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Ерриг а мохь кхерча тІехь яго еза, бертан сагІа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. Нагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. «Уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагІа доккху кхерч а, цІан а бина, дийна бож схьаялор ю АхІарона. Исраил-мехкан дикачу дежийлашна тІехь долчу даьхнина тІера дІаяла езаш йолу ял иштта ю: хІора ши бІе уьстагІна юкъара цхьацца уьстагІ. И массо а ял кІен сагІанашна а, дийнаташ дагоран сагІанашна а, бертан сагІанашна а лерина ю, адамашна тІера къинош дІадахархьама». Иштта боху Везачу Эло. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тІехь сакхт доцу старгІа схьаэца, Делан цІийнан керт цІанъярхьама.
Выбор основного перевода